Нагахь
Нагахь висахь хьо цхьаъ воьхна воцуш,
Массо воьхна хьоькхуш шийла мохь,
Нагахь хилахь тешам дагчохь кхобуш,
Нах дIакъехкаш, тешам байна хьох;
Нагахь хаахь собар долуш хьежа,
Пуьташ нехан ца бахь тергал ахь,
КIо верг витахь ахь ца ваьлла къежа,
Ткъа хьайх шайх а, диканиг ца вахь;
Нагахь бацахь хьуна болх сатийсам,
Нагахь вацахь ойланийн хьо лай,
Нагахь толам, бохам боцуш хийцам,
Ахь тIелацахь массо хенахь байн;
Нагахь хаахь, бакъо ца луш лекъа,
Лан дош шалха даккхар лежиго,
Эшахь велахь кийча Бахам бекъа,
Яхь ца йожош, боло керла го;
Нагахь хIоттахь хьайн дерг цхьана метта
Боле дилла, доцуш цхьа а "дуй",
Долчух ваьлча, бага ахь ца еттахь,
Дохковаьлла, кхулуш бIаьргийн суй;
Нагахь хьоьга гIора, ойла гуллахь,
Хьо цхьаъ висча, боцуш дегIехь ницкъ,
Шовкъ ца магош царна лахъян, хьулъян,
"Латта!" – бохуш хьайга боцуш "чIикъ";
Нагахь гонехь къамел далахь маьрша,
Паччахьашца далахь иштта и,
ДоттагI хастош, мостагI ца вахь аьшнаш,
Сий хьайн лардеш, лардахь нехан сий;
Нагахь елахь еза секонд, ала,
ХIорра минот ларахь ахь некъ беш,
ХIара латта хьуна делла Дала,
ТIе хьо – Адам – цунна со ву теш!
|