ГЛАВНАЯ АРХИВ ПЕЧАТЬ РЕДАКЦИЯ ОБРАТНАЯ СВЯЗЬ РЕКЛАМА ОТДЕЛ РАСПРОСТРАНЕНИЯ

<< ЛИСТАТЬ ЖУРНАЛ >>

ДОШ # 4/2004 > ПОЭЗИЯ


БАНА ГАЙТУКАЕВА

ХЬАН ЯРА-КХ СО...

Хьан цIийнах яра-кха со, Нохчийчоь, хьан цIийнах яра.
Нахана дIайийца вopxIe а ден цIе а хилла.
Хьан цIарца яьхна со, Нохчийчоь, хьан цIарца яьхна.
Хьешана хIоттадан комаьрша шун а сан хилла.
Хьан юхь ас ларйина сайн эхь-бехк, сайн сий санна,
Къа доцчу сан сина теш хIотта Терк а ду сийна...
Хьайбахехь ягийна, да вийна мостагIа санна!
Сайн кхерчах йохийна, мисккъал а бехк боцуш бийца.
Безам а сан хилла, дуьненал лекха со xIoттo,
И тешо са оьзда кIентий а сан новкъахь хилла.
Дуьнен чохь мел болчу зударел со маьрша къасто
Бахьана цхьаъ хиллакх – со ларян къонахий хилла.
Ткъа тахна со лаьтта хьан лаьмнийн когашкахь йоьхна,
XIapa дуьне Iаддол мохь-чIогIа сайн кийрахь кьуьйлуш.
Яхь йолчу сан сийца хьагI лаьцна йилбазан мохо,
Доккхачу дуьненчохь яржийна сан деган аьхкаш...
Хьан къина со йилхина, бIаьрхиш а чекхдевлла лекъна.
Нохчийчоь, со йисна ца кхеташ хуьлучух тахна.
Йилбазо чIабанаш лачкъийна, йовлакх а даьхьна.
Орцаха ялахьа! Сан сих ма хьаьрчина лаьхьа.
Гой хьуна, къийгаша гуо бина дIалаьцна стигал?
Царна а ма гома хилла-кха сан гIаргIулийн илли.
Ас лоьху сайн хилла аматаш хьан бIаьвнийн кхерчахь.
Ас лоьху... Ткъа суна жоп дала цхьа а вац уллохь...
 
Нохчийчоь, тховса ма гIайгIане йоьжна хьо.
Со-м кхета хьуна хьан гIайгIанех.
Нохчийчоь, ас хьуна ца буьллу бехк,
Ца гIерта хьо тховса теян а со.
Елха хьо, мохь тоххий,
Со хьалхара йоьлхур ю хьоьца.
Нохчийчоь,
Кху буса, кхета со, бакъо яц ела.
КIиллоша бен чагIар мер дац тховса.
Нохчийчоь, ло оьгу... Дарц цIийза,
Когаш а Iуьйра сийначу Сибреха
Хьан бераш дIахьовсош,
Хьан кийрахь иккхинчу лазаран
Мохь хезна, со тахана хьан къина йоьлху.
Бакъо яц сан тховса ела,
Нийсарой, ма билла суна бехк.
Нохчийчоь, мохь тоххий елха,
Со хьалхара йоьлхур ю хьоьца...
 
ГIелъеллий хьо? КIадъеллий хьо?
Хьайн корта сан кера биллий,
Цхьажимма садаIахьа,
Цхьажимма дог дастахьа...
Самаьрша, дог довха,
Куьг цIена Нохчийчоь!..
 
ДIаелла неIарш, дIаелла!
Кхин цхьа седа а
ДIабай хьан стиглара,
Кхин цхьа узар дели
Хьан кийрара,
Цхьа каш совдели,
Кхин цхьа чурт а тIекхийти.
Хьан латтана.
 
1992 шо, Соьлжа–гIала.

<< ЛИСТАТЬ ЖУРНАЛ >>

ГЛАВНАЯ АРХИВ ПЕЧАТЬ РЕДАКЦИЯ ОБРАТНАЯ СВЯЗЬ РЕКЛАМА ОТДЕЛ РАСПРОСТРАНЕНИЯ